Бусалба (Ӏаьр. ٌمُسْلِم муслим (бож. род), مُسْلِمَةٌ муслимат (зуд. род)) — иза Аллахӏ дела хиларца мукӏарло а деш, ислам дин хиларца а, Мухьаммад ﷺ пайхамар а, элча а ву аьлла тӏаьхьа а возуш, Къуръан нах нисбеш долу жайна а ду аьлла, исламан пхи бӏогӏам кхочуш а беш волу стаг ву.
Бусалба нехан сийлахь долу жайна — Къуръан ду. Къуръан — Делан дош ду, Мухьаммад пайхамарна ﷺ Жабраил маликехула доссийна. Бусалбанаш тӀаьхьабозу Къуръанна а, кхин а Мухьаммад пайхамаран ﷺ хьадисашна а, уьш йаздина ду ламасталлин хьадисийн гуламехь (суннатехь)[1].
Бусалба стаг теша веза, Дела (АллахӀ) гуттаренна вуй, трансцендентан а, накъост воцуш а вуй (хьажа тавхьид). Царна хаа деза, АллахӀ шеха тера хӀума долуш вац, хӀуъа а далуш ву, доьзал хуьлуш вац, ша вина а вац (Аль-Ихлас). Бусалбанаш теша беза, ислам тӀаьххьара тӀегӀа йу динан, деана долу пайхӀамаршкахула Нухьехула а, ИбрахӀимехула а, Мусахула а, Ӏийсахула а. Хьалхалера Жайнаш а, Делан хаамаш а йукъ-йукъахь хийцина галдаьхна ду (тахьриф)[2], ткъа Къуръан ду тӀаьххьара а, хийцанза а Делан къамел[3]. Бусалбанаш теша беза Мухьаммад тӀаьххьара пайхамар хиларх а, цул тӀаьхьа кхин пайхамар хирг ца хиларх а.
Этимологи
Ӏарбийн дешан муслиман маьӀна ду «муьтӀахь верг (АллахӀан)» йа «Ша дӀавелларг (АллахӀан)» ислам дешан аналогица — «тиер», «тӀеэцар». В. М. Порохован вариант: « …„бусалбаниг“ — „АллаххӀан муьтӀахь волу стаг“».
Бусалбанийн декхарш

Стаг бусалба лору, нагахь цуо шахӀадат далийнехь: «Аса тешалла до, АллахӀ воцург кхин Дела ца хиларх, аса йуха а тешалла до Мухьаммад ﷺ АллахӀан Элча хиларх». Бусалбачеран дин лаьтта пхеа бӀогӀам тӀехь. ШахӀадаца кхин а исламан бӀогӀамаш ду: хӀора дийнан пхиъ ламаз, Рамадан баттахь марха кхабар, закат далар, таро ялахь Макка хьаьж дар[4][5].
Исламан парзаш доцуш, кхин а ялх бӀогӀам бу иманан, царех цхьаъ къобал ца бичи а бусулбаниг динара араволу. Уьш ду:
- АллахӀах тешар;
- Маликех тешар;
- Сийлахь-Деза Жайнех тешар;
- ПайхӀамарех (наби) а, элчанех (расуль) а тешар;
- Къемат-дийнах тешар;
- Къадрех, дерриг диканиг а, гӀониг а АллахӀан лаамца хуьлуш дуй хаар, тешар[6].
Бусалбанаш Мухьаммад пайхӀамар ﷺ дин кхайкхо волавалале
Къуръанан пайхӀамарш а, элчанаш а, царна тӀехьабозурш а бусулба бу. Иштта Аль Ӏимран суратан 52 аятехь Ӏийса пайхӀамаран
сахьабаш боху цуьнга: «Тхо — АллахӀан гӀоьнчаш ду. Тхо тешна АллахӀах. Теш хилахь тхо бусалба хиларан!»[7]. Къуръан доссале бусалбанаш декхарийлахь бара Мусага
, Давудега
, Ӏийсага
диссина Товратан, Забуран, Инжилан тӀаьхьабаза.
Даржар

Дерриг дуьненан бусалбанийн бараман маххадабо 1,7 млрд гергга ст.[8]. Ислам ду дукхаллин барамца шолгӀа, цхьайолчу МХГӀ хаамашца, дуьненахь уггаре сиха кхуьуш долу дин[9][10].
90 % берриг бусалбанех лору шеш суннийш[11]. ШолгӀа бу исламан некъ шиӀийш (10 %)[12].
Бусалбанийн дукхаллийн барамца уггаре йоккха пачхьалкх — ХӀиндонези йу, цигахь беха 12,7 % дуьненара берриг бусалбанех, цул тӀаьхьа йогӀу Пакистан (11,0 %), Бангладеш (9,2 %), Мисар (4,9 %)[13]. Бусалбанаш иштта дукха бу ХӀиндин, Цийн, Россин, Эфиопин пачхьалкхашкахь.
Россин бусалба къаьмнаш
2002 ш. бахархой багарбаран терахьашца Российра ламастан бусалба къаьмнийн барам хилира 16,5 млн ст. — пачхьалкхан бахархойх 11 % гергга. ХӀинца Россин Федерацин махкахь деха Ислам дин лело 40 гергга къам: нохчий, жӀай, кхазакхаш, азербайджанаш, акхшой, гӀазгӀумкий, ГӀиргӀазой, башкираш, гӀезалой, таджикаш, туркменаш, узбекаш, лаьзгий, адыгаш, абазой, гӀумкий, ногӀий, балкхарой, кхарачой, гӀалгӀай, туркой-месхетинхой, табасаранаш, рутулаш, агулаш, цахураш, кхин а[14].
Кхин хьажа
Билгалдахарш
- ↑ The Qurʼan and Sayings of Prophet Muhammad: Selections Annotated & Explained. — SkyLight Paths Publishing, 2007. — P. 21–. — ISBN 978-1-59473-222-5.
- ↑
- F. Buhl. "Muhammad". Encyclopaedia of Islam Online.
{{cite encyclopedia}}: Неизвестный параметр|coauthors=игнорируется (|author=предлагается) (справка) - Hava Lazarus-Yafeh. "Tahrif". Encyclopaedia of Islam Online.
- F. Buhl. "Muhammad". Encyclopaedia of Islam Online.
- ↑ Submission.org, Quran: The Final Testament, Authorized English Version with Arabic Text, Revised Edition IV,ISBN 0-9729209-2-7, p. x.
- ↑ Hooker, Richard arkan ad-din the five pillars of religion. United States: Washington State University (1999 шеран 14 июль). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 17 ноябрь. Архивйина 2010 шеран 3 декабрехь Архивйина 2010-12-03 — Wayback Machine
- ↑ Religions. The World Factbook. United States: Central Intelligence Agency (2010). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 25 август. Архивйина 2018-12-24 — Wayback Machine
- ↑ Столпы веры (имана). www.islam.ru. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 август.
- ↑ 3:52
- ↑ Muhsin S. Mahdi, Annemarie Schimmel, Fazlur Rahman Islam. // Encyclopædia Britannica
- ↑ The List: The World's Fastest-Growing Religions. Foreign Policy (2007 шеран 14 май). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 16 май. Архивйина 2007-05-21 — Wayback Machine
- ↑
- Islam Today. Islam: Empire of Faith (2000). PBS. — «Islam, followed by more than a billion people today, is the world's fastest growing religion and will soon be the world's largest...». ТӀекхочу дата: 2010 шеран 25 август.
- Understanding Islam. Susan Headden. U.S. News & World Report (2008 шеран 7 апрель). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 25 август.
- Major Religions of the World Ranked by Number of Adherents. Adherents.com. ТӀекхочу дата: 2007 шеран 3 июль. Архивйина 2007-07-07 — Wayback Machine
- ↑ Islamic Beliefs, Practices, and Cultures. — Marshall Cavendish, 2010. — P. 352. — «A common compromise figure ranks Sunnis at 90 percent.». — ISBN 0-7614-7926-0.
- ↑ Shīʿite. Encyclopædia Britannica Online. — «Shīʿites have come to account for roughly one-tenth of the Muslim population worldwide.» ТӀекхочу дата: 2010 шеран 25 август.
- ↑ Number of Muslim by country. nationmaster.com. ТӀекхочу дата: 2007 шеран 30 май.
- ↑ Алов А.А., Владимиров Н.Г. Мусульманские этносы России. М.: Институт Наследия, 1996. — 122 стр. ISBN 5-86443-024. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 декабрь.
Хьажоргаш
Викилармехь йу Бусалба теман медиафайлаш